Наверх
Публичная страница
Вы подписаны на новости.
Отписаться
Подписчики
97 подписчиков
Нохчийн мотт
Описание:
Дата создания:
28 ноября 2012 в 13:58

Обсуждения Новая тема
В сообществе ещё нет тем. Вы можете создать новую тему.
Фотоальбомы
В сообществе ещё нет фотоальбомов.
Дагин безам

Тхан лулахь цхьа воккха стаг вара. Оха цунах Дага олура, ц1е ца йоккхуш.

Цхьана к1иран дийнахь, Шела етт бохка вахнера х1ара, х1усамнана къар а ца елла. Вон амал йолуш бара и етт. Шела кхаччалц хала сецош д1абигира Дагас и. Етт ийзош базара юкъа воьдуш кхуьнан ц1аьххьана цхьана йоккхачу стагах б1аьрг кхета Даги. Цхьа ша тайпа хаза т1е дуьйхина барзакъ долуш, к1айн корталий т1ам т1ехьа тесна, ч1ог1а товш хилла и зуда.

«Ой, хьара мила яра-а, суна цхьанхьа гам-гина х1ара», – ойла хьаьвза Дагин коьрте.

Эцца кхунна дага еара Х1ийжан: кхуьнан дуьхьарлера безам. Дагина Х1ийжанас йиллина хан а йолуш, вай ц1ера а даьхна диснера и захало. Цул т1аьхьа мел лехарх Дагина Х1ийжан ца карийнера. Х1инца 2010-г1а шо дара. Етт бицбеллера Дагина.

Иза-м кхуьна карара а баьлла Сиржа-Эвла ц1а баханера. Ц1а кхаьчна етт гича х1усамнанна моттаделла Дагига саца а ца белла беъна. Дагина ма1а 1оьттина хила тарлуш а дара. Ткъа Дагина-м, Х1ийжан гинчул т1аьхьа, етт хьовх, дуьне а дицделла хилла.

Ша ца гойтуш, Х1ийжан яьл-яьллачу волуш лийлира Дага, Ведана йоьдучу автобус т1е а хиъна и д1аяххалц. Коьртехь ойланаш сов евлла, къона хан дагаеъна, муха кхочу ца хууш г1аш Шелара Сиржа-Эвла кхечира Дага. Х1усамнана кхуьнга етт хьахо ца х1оьттира.

Суьйрана, маьрк1ажа ламаз эца ара ваьллачу Дагина дохна кертахь тесна лаьтташ шайн етт гира. Дагий, еттий цецдаьлла вовше хьаьжира. «Вай дела де хьох Дала хайра», – аьлла велавелира Дага.
Показать полностью..
26 дек 2012 в 23:39
Понравилось 1 человеку
Мне нравится
1
Х1усамнана д1аяьлча

Цхьана стеган х1усамнана кхелхана хилла. Ша х1ун дийр ду ца хууш синтем байна, холчахь хилла и стаг. Лулахочо моллига жайна даккхийта аьлла кхуьнга. Иштта, вахана моллас жайна даьккхича а г1оле ца еъна.

Юха т1е ваха ца х1уттуш хьара лелачу юкъана молли а зуда елла. Т1аккха вахана моллига кадам а беш кхо аьлла: «Хьуна-м х1ун дара, хьаьйна жайнеш дохуш 1ийр вара хьо-м», – аьлла.

П.С.: Х1усамнана д1аяьллачуьна молха – хье ца луш зуда ялор ду. Берашна и хаа деза. Велларг юха ца вог1у, виснарг ца ваьхча ца волу. Вайн дахар иштта а ду доца. Доьзало г1айг1а бан беза шайн дена...
Показать полностью..
26 дек 2012 в 23:39
Понравилось 1 человеку
Мне нравится
1
Мотт бастар

Шина вешин урдо хилла юкъах лелош, т1ехь йийна хьаьжк1а а йолуш. Воккхах волчу вешин ц1е Мука хилла. Жимах волчо зуда ялина шо долушехь, Мука мотт бастийтаза хилла несе.

«Ялол, хьаьжк1ана асар дина дог1ур вай», – аьлла цкъа Мукас несе. Йист ца хуьлуш, шен метиг а белш т1е а тесна, т1аьхьа х1оьттина нус. Урдо доккха хилла. «Х1ара асар тахана чекхдаккха г1ерта хир ма вац х1ара», – ойла йора несо.

Д1а ма кхеччи, ка-тоьххана асар долийна Мукас. Делкъана мукъне садо1ур ду бохуш 1ийна нус. Мичара, Мука-м дагахь а ца хилла асар дечуьра саца.

Марвашас садо1уш ца хилча, нус а д1аг1иртина кхунна т1аьха къар ца луш.

Суьйре т1е еъна, х1ара шиъ асар дина а даьлла.

Т1аккха шен метиг белш т1е а тесна мотт баьстина несо: «Боккхачу дехка ц1е йолу к1ант, вайшиммо асар ца дина бохучунна къематдийнахь ялсмане хьарам йойла-кх», – аьлла.
Показать полностью..
26 дек 2012 в 23:39
Понравилось 1 человеку
Мне нравится
1
Хьомсара вежарий, йижарий!
Тоьарду! Сийлахьчу Нохчийн Меттан вай хIинццалц дайина сий, хIораммо а, ваьшна ма луъу, цхьа дош нохчийн маттахь - кхо дош оьрсийн маттахь олуш бийцар, вай ненан мотт вай цIена цабийцахь кхерам бу, вешан мотт боцуш вай дисарна.

ООН -ас, ЮНЕСКЕ-га таллам байтича - дийцаре даьккхина ду, нохчийн мотт белла барна, дуьненан юкъарчу, Гиннессийн жайни юкъахь, дукха хан ялале карорна кхерам бу, - аьлла.

Ца лаьар-кха Нохчийн Къам, Къилба-Седан Кавказера: - Убайхаш, Абадзехаш, Натухайцаш, Шапсугаш - ишта кхин дIа а кегий къаьмнаш санна, дуьненчуьра делла, лар йоцуш дIадолуьйла !!!

Кхайкхам бу, тахна-тховса дуьйна ,кхин дIа йолчу ханна, Даймахках, цуьнан маттах доглозчара, бийца беза вайн вешан цIена Ненан мотт.

Берс-Шайхас, Ушурм-Шайхас, Тайми Биболатас, Мадин Жаьммирзас, Адин Сурхос, Жумин Акхтулас, Исмаилин Дудас, 3айтан Шихмирзас, Эвтархойн Ахьмадас, Бенойн Бувайсхар, Обарг Зелимхас, Автoрхан Iабдурахьманас, Шамсуддин Iаьрбис, Обарг Хасухас, Абун Мохьмадас, Хьамидан Iабдул-Хьамидас, Сулейманан Ахьмадас, Айдамар Абузарас, Джамалхан Зайндис, Iабдул-Кериман Iусманас, Мусин Джовхарс, Iелимсолтан Имамас, - шайн дахаран новкъахь, лаккхара мах хадош, сий дина, бийцина, буьйцуш бу вайн Нохчийн Мотт, дуьненчохь бовзийтина а бу.

Кхузахь ала догIу, Польшехь, нохчийн къоман дуьненаюкъарчу Конгрессехь, Халидан Ахьмадас шена дош делча, Нохчийн маттахь шен къамел дар, вистхилар массарна хезна ду, хаамин гIирсашкахула. Халидан Ахьмадас, ша нохчийн маттахь конгрессехь а, ишта, (14) доьйтталг1ачу майхь, (30) ткъе уьтталгIачу июлехь Ичкерийн министрин а, парламентан а кхеташонашкахь динчу къамелехь масала гайтина вайна, нохчийн мотт кхин долчу къаьмнашна дIахезаш хилар а гайтина.

(20) ткъех стаг гулвелчохь, цу юккъехь кхоьчу къомах стаг нисвелча, гIиллакхехь дац нохчийн маттахь дийцича, цунна, вай хIун дуьйцу хуур дац олий, вистхуьлчо шен къамел оьрсийн маттахь дора, шен къоман меттан сий дойура.

ХIинца-м, ахь къамел дешшехь и къамел гочдеш хаамий гIирсаш бу.

Вайн Нохчийн Къоман истори ю шуна, амма бакъду ,кхин дIа а истори хуьлийла лаахь, вай вешан ненан маттахь дан деза къамел, вешан къамелехь, вовшашца бийца ца беза оьрсийн мотт, ингалс мотт, немцой мотт, французин мотт, буьйцуш, ларбан беза ненан мотт, ас ца боху интеграци хила ца еза оцу къаьмнашца, церан диканиг, тоьлушдерг, вайн доцург схьаэца деза цаьргара.

Вайн варий дайша, ларбина, Iалашбина, хазбина, тобина, моз санна марза бина, вайга схьакхачийтина нохчийн мотт, вайн бакъо юй иза балийта, вешан тIаьхьенашка и дIа ца кхачош!
«… Хазнашлахь хазна ю,
Ненан мотт къоман,
Ненан мотт мел беха,
Къам дуьсу даха.
Ткъа нагахь мотт шен лахь,
Къам, лей, дlадола,
Ненан мотт бицбинарг
Сийсазво наха…»
( Арсанакъин Шайхи.)

Азербайджанехь Iийначарна дагдогIур ду, президент Гайдар Алиевс ши бутт хан тоьхна,шайн пачхьалкехь кирилицера тIера латиници тIе яьккхира графика. Жайнаш, хаъмин гIирсаш, туькний цIерш, пачхьалкхан урхаллера шадолу хIума, къоман метта тIе даьккхийтинера. Куьйгалхошка дIахьедар дина хиллера, ца ларор волу куьйгалхо балхара дIавала везарву аьлла.

Низмехь, и шадерг кхочуш а дира цу пачхьалкхехь. Тахана доккхачу баркаллийца, хьахаво цу махкахь Гайдар.
Дикка вай муьлхачо а ладоьгIча, шиммо, вовшашца буьйцу мотт, я нохчийн маттахь, я оьрсийн маттахь боцуш карбо вайна.

Ца оьшу, бехказлонаш леха, вай дай-наной, вай шадерш кхиийна цу къизачу, харц "Коммунистин систему". ( Автобус чохь, я трамвай тIехь хьо велахь а, башхо а йоцуш, нохчийн маттахь вовшашка вистхила ца вуьтура оьрсаша (говорите по русски олура).

Суна, цхьа нохчо воьвзина кху аренца, вай кхоллинчу Делора буьйцу цо вайн ненан мотт мерза, цIена, хаза, эр дац-кха аша цо (22) ткъе шина шарахь (Коммунистин режимехь, Красный молат заводехь) къахьегна, оьрсий белхлошна юккъехь, Соьлжа-ГIалахь.
Ненан мотт.

"...Моз санна мерза бу, ша безачунна,
ламанан шовданал цIена бу и,
хьомечу езаре ахь буьйцуш,
бека и шех хуьлий хьан деган мерз..."
(Арсанакъин Шайхи)
Нохчийчохь, Iилманчас, Iаьрби Вагаповс, ша, миллион дош долуш дошам (словарь) вовшахтухуш ву боху. Дуьненчохь, мел даккхийчу а къаьмнин хааделла дац-кх ишта жайна, ма доккха совгIат ду и вайна, Дала диканца бекхам бойла цунна.

Вай ца боху шуна, оьрсийн мотт хаа а, я бийца ца беза, аса тахана а буьйцур бар иза, оьрсешчул а цIена а, хаза а.

Нохчийн мотт - ненан мотт аьлла цIе тохна бу-кха вайн къомо, ткъа алийша вежарий, йижарий ненал хьоме хIун ду кху дуьненчохь.

Н а н а с , бераллехь вай хьоьстуш, муьлхачунна а хийлаза а олуш ма хезна : - "Дижалахь жиманиг мерзачу набарца, г1атталахь жиманиг к1оргечу хьекъалца, мерза наб кхетийла жимачу к1орнина. Дижалахь бабиниг, дижалахь дадиниг, мерзачу набарца дижалах диканиг олий, вай мерзачу набарна товжош, нанас олура аганан илли, ткъа и декар дог хьоьстуш, Iехош, вайн нохчийн маттара илли" .
Мотт

Кхо эзар гергга мотт
Дуьненчохь бу тахна къастош,
Азаллехь царах цхьаъ
Нохчашна бийца кхачийна.
Ш у м е р а н, У р а р т у н
Зайлйозийн къайленаш йостуш,
Бехаш бу Нохчийн мотт
Халачу вайн дахарх ийна.
(Хьамирзин Заурбек)

Нохчийн къоман бала кхочуш, вайн меттан хазна езаш волчо, дикка ойла ян еза, нисдан деза, ца дича ца дендерг.

Бийцарна тIаьхьа бен ца догIу бийца хаар.

Цхьанне а ца хезна, цхьанан къомо, шаьш, шай мотт буьйцуш, нохчийн маттахь дешнаш олуш, ткъа вай хIунда буьйцу неханиг, моз санна буьйцуш а мерза вешаниг хилча.

Самадовла хIай нохчийн мотт безарш!
Показать полностью..
25 дек 2012 в 16:15
Понравилось 3 людям
Мне нравится
3
АССАЛАМУ 1АЛАЙКУМ!
Сан ц1е Адам ю. Суна шуна довзийта лаьа вайнехан алфавит.Алфавит бохуриг- вай моссу элпаш ду.
Элпаш доьвзийча- тептар язда, деша 1ема.
Дуьне кхоьллича, уггаре хьалха Далла адам кхоллина. Адам аьлла ц1е тиллина цунна. Т1аккха Х1ава кхоллина.
Элпаш жима хье делла.
Уьша хилла цхьан гали чохь 1ехкаш.
Дукха хилла уьша. Уггаре юкъахь доллаш " А" бохуш долу элпа хилла. Шена юьххахь долу элпашна ше когаш г1ертош хилла цо.
-!ад 1е, са тоха жима,-аьлча а, кхеташ ца хилла и.
Т1аккха вукха элпашна и къордина.
Уьшша цунах летта. Шен дег1 лозаш, "А" мохь хоькхаш галичура ара даьлла.
- ААААААААААААААААА бохучура тахна сецна дац иза.

Аь аь аь ( аьрзо ) ------- ( орел )

АЬТТО ХУЬЛДА ШУН,
бохаш д1а доьдаш хилла "А". Шена кхалла хума ю моьтташ,цуна т1ехьа даьлла ц1а доккха олхазар. Доьдаш лаьтташахь цу доккхучу олхазара бага г1аттина и элпа д1а кхаллина. Амма " А" когаш хоттина доьхьала даьлла.
- Аь,АЬ. Аь,- бохачехь дисина и олхазар.
Цо хьокаш болу мохь хезна адмашна.
Шега кхойкха моьтташ галичура "Аь" ара хьажна. Цуна гина "А" бохачу элпана шегар г1о оьши. Цо г1о деш, "А" олхазара багара ара даьлла.
Цу олхазарна адмаша "Аьрзо" аьлла ц1е тиллина.

Б б бэ ( бад ) ------- ( утка )

БУЬЙСА ДЕКЪАЛА ХУЬЛДА ХЬАН!

аьлла цу доккха олхазарна т1е деана хи йийсте 1аш долу олхазар.
легаш лозаш хиин 1аш доллу аьрзона и ца тайна. Ша реза цахиларна, Аьрзо букъа берзина д1а хоьттана.
Цу буьйсанна шайна ижо лаха ара ваьлла хилла цха ши таллархо. Хит1а олхазар лаца веана.
Буьйсана наб йоцаш 1аш долу " Б" боху элпана хезна, цу шина таллархочу деш долу къамел.
- И д1ора доккха хьоза д1а лалла деза вайшимма, и жиманиг ду вайшинна дезашдериг.
Меллаша, тебана цу олхазаран т1е воьдаш волу ши таллархо д1а тотташ, "Б,б"боху олхазарна мохь тоьхна г1о да сиха делла.
Ше дагахь,1ад 1е ала долуш, амма ша "Б,б" хиларна терра, цо аьлла " Бад1е" аьлла.
Г1овг1а хезна хит1 олхазар т1ема даьлла, д1а дахана.
- Хьжал,-аьлла цхан талархочу,- Цуна ц1е Бад йолу чох тера ду.
Шаьшшиъ дукха кхераваларна элпа "Бб" хьакана мохьах,цу шинна " 1е" хаза ца хезна.
Цундела, хит1ера олхазарах адмаш бад олу.

В в вэ ( ворд) ------- ( телега )
ВАЙША ВАХА ВЕЗА
ЦУ БЕДАН Т1АьХЬА,-АЬЛЛА ЦХьАН ТАЛЛАРХОЧО.
-Ца воьда ваххане со доцуш, аьлла галичуьра хьал ара даьлла "Вв"" боху элпа.
ша вордан т1е хиана санна таллархочу белш т1е хиина доьдаш хилла и "Вв" боху элпа.
Вайна ма хаари, цу хенахь адмаша ворда х1у ю хуаш ца хилла. Амма гена ваха дезаш хилла цу шинна.

Г г гэ ( га ) ------- ( ветка )
Га дакха деза аса сайна,- аьлла цхамма." Гах терра долуш элпа "Гг" мичара долу ша ца хауьйташ цу шинна доьхал нисделла.
Голаш т1е хиина га даькхана шайшима мотташ, цушима и элпа "Гг" сха даькхана кара эцна.

ГI гI гIа ( г1аз ) ------- ( гусь )

Г1оле ду вайшин , хьара га карахь хилча,- бохаш воллуш, цу шинна г1овг1а хезна.
- И аз хези хьуна?- аььла ладог1а хоьттана цха таллархо.
Жима акха г1аз хилла ц1а я хьеелла тебан йог1аш.
- Аз, хези цу шина, амма и жима къорни шу шинга д1а дигита йиш ма яц,-аьлла " Г1" боху элпа г1о да ара даьлла.
Кхера ца деш и жима г1аз-къорни , к1елхьара муха доккхар ду ца хууш "Аз хезна" аьлла г1ерташ, цу элпо " Г1аз " аьлла.
Кхера елла г1еза-къорни, д1а иккхина к1елхьара ялла.
- Г1аз, хилла и. Вайшинна оьшаш ериг бад ю, -аьлла, шай дагахьдериг г1овше ца хоуьйташ, вола велла д1а вахана ши таллархо.

Д д дэ ( диг ) ------- ( топор)
ДУКХА ДЕХИЙЛА ШУ !

Е е е ( етт ) ------- ( корова )

Ж ж жэ ( жа ) ------- (отара)

З з зэ ( зезаг ) ------- (цветок)

И и и ( ирс ) ------- ( счастье )

Й й доца и ( йо1 ) ------- ( девочка )

К к к (котам) ------- (курица)

Кх кх кх ( кхокха) ------- ( голубь)

Къ къ къа (къиг ) ------- ( ворон)

КI кI кIа ( к1а ) ------- ( зерно)

Л л лэ ( леча) ------- ( сокол)

М м мэ ( моз ) ------- ( мёд )

Н н нэ ( нана) ------- ( мама )

О о о (олхазар) ------ ( птица )

Оь оь оь ( оьпа) ------- ( хомяк )

П п пэ ( пийл) ------- ( слон)

ПI пI пIа ( п1елг) ------- ( палец)

Р р рэ ( руьйта ) ------ ( водопой )

С с сэ ( седа ) -------- (звезда)

Т т тэ ( тай ) -------- ( нитка)

ТI тI тIа ( т1аус) -------- (павлин)

У у у ( урс ) -------- ( нож )

Уь уь уь ( уьстаг1) ------ ( баран )

Ф ф фэ
Х х хэ ( хедар) -------- ( тарелка )

Хь хь хьа (хьоза) -------- (воробей)

ХI хI хIа ( х1уттут) ------ ( кукушка)

Ц ц цэ (цициг) -------- ( кот)

ЦI цI цIа ( ц1а ) -------- ( дом)

Ч ч чэ ( човка ) ------- ( грач)

ЧI чI чIа ( ч1иг1ардиг) -- ( ласточка)

Ш ш шэ (шекар) -------- ( сахар)

Щ щ щэ

(Ъ) ъ чIогIа хьаьрк ( ъа )--------( дух , стар.слово )

(Ы) ы ы

(Ь) ь кIеда хьаьрк

Э э э (эса) -------- (теленок)

Ю ю ю ( ю ) ------- ( шила)

Юь юь юь ( юьхк) ----- ( пень )

Я я я ( яй ) ------- ( кастрюля )

Яь яь яь ( яь1на ) -------- ( шея ,зад.часть )

I I Iа ( 1а) -------- ( зима )
Показать полностью..
25 дек 2012 в 16:15
Понравилось 3 людям
Мне нравится
3
Нохчийн маттахь математикан терминаш.

Диъ хьесап ду/ — четыре действия

+ вовшахтохар /ду/ — сложение

- тIерадаккхар /ду/ — вычитание

* эцар /ду/ — умножении : декъар /ду/ — деление

0 Горгалг /ю/ - ноль (zero)

1-ра вовшахтухург /ду/ + — 1-е слагаемое

2-гIа вовшахтухург /ду/ + — 2-е слагаемое

жамI /ду/ = — сумма

тIерадаккхар таллар /ду/ - проверка вычитания

тIерадаккха /- / — вычти

дIадаккха /- / — отними

эца * — умножь

эцаран чалтар /ю/ * — таблица умножения

вовшашца оьцурш /ду/ * — сомножители

Декъа : — раздели

декъалург /ду/ : — делимое

доькъург /ду/ : — делитель

кхочург, дакъа /ду/ — частное

вовшахтохаран хьаьрк / + / — знак сложения / + /

тIерадаккхаран хьаьрк /—/ — знак вычитания /—/

эцаран хьаьрк / * / — знак умножения / * /

декъаран хьаьрк / : / — знак деления / : /

жимлург /ду/ — много

кIезиг — во сколько раз больше

терахьан дакъа карор /ду/ — нахождение доли числа

эппаза /ду/ — двадцать копеек

жамI терахьна декъар /ду/ — деление суммы на число

эцар, декъар таллар /ду/ — проверка умножения и деления

масал кхочушдар довзийта – объясни решение примера

дукхасаберг / ю/ — многоугольник

цхьалхе задача /ю/ — простая задача

хIоттаман задача /ю/ — составная задача

вовшашца оьцурш /ду/ — сомножители

лоьмарш /ю/ — номера

нумераци /ю/ — нумерация

йоккхалла /ю/ — величина

терахьийн дIадешар а, яздар а /ду/ — чтение и запись чисел

нийсасаболчун /еакIовчун/ агIонийн йохаллин жамI а, майда а каро хаар /ду/ — уметь находить сумму длин сторон и площадь прямоугольника /квадрата/

нийсасаболчун дуьхь-дуьхьал йолу агIонаш /ю/ - противоположные стороны прямоуг.

«чолхе ойлаййтурш» — «лабиринты»

чалтар арахьара эцар, декъар /ду/ — внетабличное умножение и деление

жамI терахьца эцар /ду/ — умножение суммы на число

Iамийнарг карладаккхар, цуьнан юкъара маьIна дар /жамI дар/ /ду/ повторение и обобщение пройденного

чалтарехь эцар, декъар /ду/ — табличное умножение и деление

четни терахь /ду/ — четное число

четни доцу терахь /ду/ — нечетное число

«Сиха кхетар» конкурсана тIедилларш /ду/ — задания на конкурс «Смекалка»

Де /ду/ - день

кIира /ду/ — неделя

бутт /бу/ — месяц, луна

шо /ду/ — год

де-буьйса /ду/ — сутки

сахьт /ду/ — час

минот /ю/ — минута

шай /ду/ — пять копеек

шен декъан терахь карор /ду/ — нахождение числа по его доле

барта лараран кепаш /ю/ — приемы устных вычислений

йозанца лараран кепаш /ю/ — приемы письменных вычислений

сиха кхетарна лерина задачаш /ю / - задачи на смекалку

довзийтарца кхочушде масал — реши пример с объяснением

вовшашца оьцурш /ду/ — сомножители

эцаран меттиг хийцаран закон /ду/ - переместительный закон умножения

терахьийн гайтамаш /бу/ — выражения чисел

цхьалхе задачаш /ю/ — простые задачи

чолхе задачаш /ю/ — сложные задачи

барта ларар /ду/ — устное вычисление

нийса ларар /ду/ — правильное вычисление

дахарца уьйр йолуш Iамор /ду/ — связь обучения с жизнью

цхьаанчийн чалтаран /ю/ — таблица единиц

кхочушдар довзийта — объясни решение

талларца кхочушде декъар — выполни деление с проверкой

кхочург а, бухадуьсург а караде — найди частное

нийсалла а, нийсаллаяцар а нийса нисло, ца нисло – проверь верны ли равенство и неравенство.

Аса, кху яздарехь пайда эцца Нохчийн къоман гIарабоьвллачу Iилманчашкара:

Юнус Дешериев – профессор

ИбраьхIим Алероев – профессор

Зайнди Джамалханов – халкъан академик

Зулай Хамидова – профессор.
Показать полностью..
25 дек 2012 в 16:14
Понравилось 4 людям
Мне нравится
4
Ахмедов Анзор – Къуръан
00:00
12 дек 2012 в 02:57
Понравилось 3 людям
Мне нравится
3
Ахмедов Анзор – Майрчуьна а зудчуьна а юкъа меттиг
00:00
12 дек 2012 в 02:57
Понравилось 3 людям
Мне нравится
3
1 дек 2012 в 15:04
Понравилось 3 людям
Мне нравится
3
Арсанукаев Iабдулла: НОХЧИЙН ХАЛКЪАН ИЛЛИАЛАРХО СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИ ВИНА 110 КХАЧАРНА

ДIадаханчу бIешеран хьалхарчу эхехь Нохчийчохь угар тоьлла иллиалархо вара Девлатгирин-Эвлара Салин Сулимин Баудди. Иллица цуьнан аз хазаза, цуьнан иллеш дукха ца дезаш, мичча хена а радиочухула цо илли олуш хезча, саца а велла, цуьнга ла ца дугIуш стаг хир а вуй техьа олий, хетара. Иштта шен иллешца нахана вевзаш а, дукхавезаш а вара иллиалархо Бауддин.
Халкъан иллиалархо Сулейманов Баудди вина 1902 шарахь Девлатгирин -Эвлахь ахархочун Салин Сулимин доьзалехь. Бауддин да Салин Сулима а, нана Батти а нахаца йоккха марзо йолуш, наха лоруш а, нахана дукхдезаш а хилла. Шайн комаьршаллица цIеяхна а хилла уьш. Жима волуш ненах ваьлла Бауддин, кIентан ворхI шо кхаьчча кхелхина цуьнан нана. Беран хенахь морзгалийн цамгарх бIаьрсан дайна, гуттаренна са ца гуш висна Баудди.
СулимгIеран хIусамехь адам латтара, дехьа-сехьара хьеший а хуьлура. Царна юкъахь нислора барта шира дийцарш хуурш а, иллеш олурш а. Лерина ладугIура жимчу Бауддис ширчу дийцаршка, халкъан иллешка. Цунна езаелира нохчийн барта кхолларалла. Сулимин хьешаша Iамийра Бауддина дечиг-пондар лакха а, илли ала а. Говза илли олуш вара Галнера Дубин ТIака. Дуьххьара цо Iамийра Бауддина дечиг-пондар тIаьхьара а балош илли ала. Дубин ТIакас Iамийна Бауддина “Теркаца хьала-охьа вехаш хиллачу эла Мусостан, Адин Сурхон илли”, “Таймин Бийболатан”, “Эвтархойн Ахьмадан”, “Мержойн КIезалган” иллеш ала. Бауддис дог тIедаххийтина сиха караерзийра илли аларан корматалла. ХIинца иза кхечу ярташка а воьдура иллеш ала. Цунна бевзира Нохчийчохь цIеяххана болу иллиалархой, цара гIо дора къоначу илланчина.
Бауддин илли аларан корматалла кхиарехь къаьсттина доккха гIуллакх дина гIараваьллачу иллиалархочо ГихтIарчу Уьдин Эдас. Бауддис шен хьехархо лорура иза. Уьдин Эдас ша олуш долу дуккха а иллеш Iамийра Бауддина. Царах дара “Зайтан Шихмирзин”, “Мадин Жаьммарзин”, “Къеначу Дадин”, “ВорхI вешин йишин” иллеш.
Бауддин да Сулима кхелхина 1922 шарахь. Кхера хIусаме Сулимина тIеоьхуш хилла хьеший лахбелира. Делахь а иллиалархочун Сулимин Бауддин цIе Нохчийчохь дIаяхнера. Цуьнан уьйраш тасаелира яздархошца Нажаев Ахьмадаца, Бадуев СаьIидаца, Айсханов Шамсуддица. Цара гIо дора Бауддина иллеш йозане кепе дерзо а, зорбанехь, радиохь арадаха а.
Баудди, халкъан иллеш аларал совнаха, ша иллеш дохуш а вара. Оцу агIора мехала яра цуьнан яздархошца йолу уьйраш. Цара гIо дора иллиалархочун кхоллараллин корматалла кхиарехь. Шуьйра девзаш ду Бауддис даьхна иллеш. Царах ду Шерипов Асланбекахь даьккхина илли, Ханпашех лаьцна илли. Халкъан иллешкахь а санна, царна тIехь чIагIдо махкана, къомана тешаме хилар. Даймехка дуьхьа шайн дахар дIаделлачийн цIеран йицлуш яц, уьш гуттаренна а юьсу адамийн дегнашкахь. “Лаьмнашха лаьтта уьш даима къегаш”, – боху илланчас.
Безаман, доттагIаллин уьйраш ю “Мерза маршалла ду массаьргаа”, “Дозанхо”, “Тамарина даьккхина илли”, “КIанта йоIана аьлла илли”, “Геннара бералла”, “Бабин хаза йоI” бохачу иллешкахь. Нахана къаьсттина дукха дезаш дара “Дог майрачу” Юнусах лаьцна забаре илли.
Бауддина Iаламат дукха иллеш хаара. Цунна хууш а, цо олуш а хиллачу иллешна юкъахь цо ша даьхнарш башха дукха а дац. ЛадогIа дог доуьйтуш, говза, ша-тайпана хазачу мукъамехь, пондар говза тIаьхьара балош алара цо халкъан иллеш. Мелла а аз дахдеш, мукъам шера хуьлуьйтуш, кхечарех тера йоцуш, шен исбаьхьаллин кеп яра Бауддис илли аларан.
Вайн къам махках даьккхина, Казастанехь долчу хенахь Баудди луларчу юьрта вахана вогIуш, буьрса дарц даьлла, некъах тилла шийлачу Iаьнан буса арахь а висна, куьйган а, коган а пIелгаш дахьийна охьаэгна цуьнан. Дечиг-пондар ца лакхалуш висна илланча. ТIаккха цо кехат-пондар а Iамийна, иза тIаьхьара а балош аьлла иллеш.
Шайн чулацамца а, исбаьхьаллин кепехь а тайп-тайпана дара Бауддис олу иллеш. Цхьабосса дика алара цо эпически а, лирически а иллеш. Цо олучарна юкъахь дара “Анзоран Зазин илли”, “Бос хазчу Мусан илли”, “Таймин Бийболатан, дог майрачу ЧIегин илли”. “Бос хазчу Тахун илли”, дуккха а кхидерш а.
1957 шарахь дуьйна даим а Нохч-ГIалгIайн филармонехь балхахь хилла Баудди. Кест-кестта радиохь а хуьлура цуьнан иллеш олу передачаш. Радиохула Нохчийчоьнан массо маьIIе кхочура Бауддин иллеш. Дукха адамаша хазахеташ ладугIура цаьрга. Филармонин артисташца цхьаьна районашкахь лучу концерташкахь даим дакъалаьцна цо. Сцени тIера а хаза декара Бауддис олу нохчийн халкъан иллеш.
Сулейманов Баудди кхелхина 1961 шеран 6 ноябрехь.
Бауддис олуш хилла иллеш хIинца а ду адамийн дегнашкахь. Поэташа стихаш йоху Баудди дагалоцуш.
Показать полностью..
30 ноя 2012 в 00:31
Понравилось 3 людям
Мне нравится
3
Нохчийн йо1.

Дукха ширачу заманчохь дуьйна нохчийн къоман кхетамехь деза хилла йоь1ан сий , зудчуьнан сий бохург. Зудчуьнгара даьлларг дерригчу тайпана, тукхмана, ц1ийна, ц1арна т1едог1уш эхь хиларе терра, иштта ша-тайпа хилла зударшца латто еза юкъаметтиг а, цаьрца хила беза ларам а. Зуда йийнехь, цунна дуьхьала ч1ирана шиъ вуьйш хилла. Вайн къоман иесехь инзаре дукха масалш, хиламш бу зударийн, мехкарийн сий бахьан долуш стеган ц1ий 1аьнна а, стаг хийла сих къастийна а. Зудчуьнан сий дарал доккха х1ума лоруш а ца хилла нохчаша. Цундела , зудчо шен корта 1овра боккхуш, леташ воллучу шина боьршачу стагана юкъа шен кортали тесча, мел доккха дов къастош велахь а, и шиъ д1асаволуш хилла.

Нохчийн йо1 даим хилла оьзда, эсала. Иза даим эхь долуш а, бехк болуш а хилла. Шен дег1ан сий дайна, я сий дайъитина ехачул, 1ожалла г1олехь хетта цунна. Цунна масал а долуш ду. Инарла Ермоловс Дадин-Юрт яккхарх долчу тептар т1ехь оцу юьртара зударий а т1ехь шаьлтанашца шайна т1елетара бохуш яздо.

Нохчийн зудчуьнгахь турпалаллин аг1онаш а ю. Цунна тоьшалла ду Гиххойн Таймасха. Итт шарахь Пачхьин эскаршан дуьхьала къовсам латтийна оцу зудчо, шен боллучу ницкъаца. Иза куьйгалхо а йолуш, т1аьхьах1оьттина б1аьхойн тоба а хилла цуьнан. Т1аьххьар а, 1842-чу шарахь, Яндарехь Пачхьин эскаршца хиллачу цхьана т1еман къовсамехь йийсар йигна Таймасха. Иза караялинийла шена хиъча, Петарбухехь волчу Миклай паччахьо омар дина хилла, «вайна дуьхьала т1ом бина йолу и зуда суна т1еялае» аьлла. Шен нохчийн духарца ялае аьлла а хилла цуо иза. Иштта, Петарбухе д1айигинчу Таймасхина Миклай-паччахьин зудчо жовх1арца кхелина дашо заь1а а елла совг1атна, ахча а делла. Т1аьххьар а, набахтера маьрша-мукъа а яьккхина, д1а а хецна Таймасха, цуьнан къонах хилар бахьан долуш.

Гуьржийн сийлахь-воккхачу яздархочо Александр Казбегис яздо: «Нохчийн зуда массарел маьрша ю, цундела массарел тешаме ю. Шегара цкъа а эвхьазло ца йолуьйту цуо, шен боьршачу нахаца маьрша къамелдан бакъо йоллушехь.»

Вайга Дала а, шен т1ехъхаза хиллачу къамелашкахь Делан Элчано а, Делера салам-маршал хуьйла цунна, 1арбой хила ца баьхна.Х1ора къоман шен кхолламе, дахаре, ша 1аш, дехаш долчу махке хьаьжжина хуьлуш ду 1адаташ, ламасташ. Вай нохчий ду. Цуо чулоцу юьззина йолу бусалбалла . Вай нохчий ду, дукха заманашкахь 1азапан 1индаг1ехь даьхкина, лаьмнийн кийрахь дина, лаьмнийн махкахь кхиина. Вай йиш яц шайца 1аьржа ун бен кхин х1ума доцчу маьттазчу 1адаташна к1ел совца. Вайн бакъо яц, оьзда, яхь йолуш хиллачу вешан дайн весет дохийна, б1еннаш шерашкахь вайна сагатдина къежделлачу нохчийн лаьмнийн б1аьрахьажа.

Хала ду, шех «дуьне» олучу х1окху балин ц1а чохь нохчаша ца ловш х1ун дисна дийца. Т1ех1оьттинчу муьлххачу а бохамна хьалха цкъа а къарделла, корта та1ийна динах, оьздангаллах, йохьах, юьхьах доьхна дац нохчийн къам. Вайна т1ехь Дела ван а вац, я хилла а вац бохуш йолу коммунизм лаьттина, вайна дин лелор хьарам деш. Х1етте а ца тесна нохчаша дин д1а. Оцу сийначу Сибрехахь текхна долчу оцу халачу кхойтта шарахь а клубашка, иштта, кхечу къаьмнийн ламастехь самукъадоккхучу меттигашка охьахийшарх а ларбина нохчаша шайн йоIарий а, зударий а, ур-аттал деша а ца бохуьйтуш.

Йо1а ша до шен дег1ан сий. Шен дег1ан сий а дойъу йо1а ша. Мехкарийн сий доцчу махкахь къонахий кхуьур бац аьлла ду 1еламнаха. Иза бакъдерг ду, шел бакъ кхин хила йоцуш. Аганахь дуьйна, аганан иллешца д1абаханчу къонахех масалш дахкош, иштта хилалахь, иштта кхиалахь хьо а бохуш, кхетош-кхиош хилла нохчийн наноша къонахий. Цундела, шайна дуьне а ца девзаш, амма дуьненна шаьш бевзаш къонахий хилла нохчийн къоман. Кхин хир бац те иштта наной..?

Нохчийн йо1, хьо духарца а, леларца а, боларца а ма ю дуьненахь муьлххачу а йо1ал оьзда хила езаш, хаза хила езаш, цхьаннах тера а йоцуш, хьайх тера хила езаш. Хьо хир йолу нохчи нана ма ю, вайн махкана хьанал, дика к1ентий кхио безаш. Хьох ма ю х1окху мехкан дегайохийла. Дала сий дойла хьан, Дала сий сов доккхийла хьан, нохчийн йо1!
Показать полностью..
28 ноя 2012 в 18:47
Понравилось 5 людям
Мне нравится
5
Язык чеченцев относится по лингвистической классификации к иберийско-кавказской семье языков. Чеченский язык – государственный язык Чеченской Республики, входит в нахскую группу языков, которую составляют чеченский, ингушский и бацбийский языки. Первый и второй –
литературные, а третий – бесписьменный. Наиболее раннее описание нахских языков было дано во второй половине 18 века в большом сравнительном словаре Екатерины II. В этом словаре приведено около четырехсот слов с ингушскими и бацбийскими параллелями. В 1888 году барон П.К. Услар, описывавший по заданию Генштаба горские языки, выпустил капитальный труд «Чеченский язык», где была изложена грамматика чеченского языка.

Нахские языки занимают первое место на Северном Кавказе по числу говорящих на них. Чеченцы и ингуши понимают друг друга без переводчика. Понятие «вайнах» (в переводе – «наши люди») объединяет эти два народа. Бацбийцы проживают в Панкисском ущелье в Грузии, соответственно этот язык подвергся сильному влиянию грузинского языка, поэтому чеченцы и ингуши не понимают его. На чеченском языке говорят также чеченцы, проживающие в странах Ближнего Востока: в Турции, Иордании, Ираке, Сирии.

В чеченском языке имеется ряд диалектов и говоров. В основу литературного языка лег диалект равнинного района Чечни, на котором говорят жители в окрестностях города Грозного. На нем создана и создается художественная литература, издаются журналы и газеты, учебники и научные исследования. На чеченский язык переведены сочинения классиков мировой художественной литературы.

До 1925 года чеченская письменность строилась на основе арабской рафики, с 1925 по 1938 год развивалась на основе латинской графики, а с 1938 года по настоящее время - на основе кириллицы. В 1992 году была предпринята неудачная попытка перехода вновь на латинскую графику.

История заселения занимаемых чеченцами и ингушами территорий полна событиями, приведшими к интенсивным языковым контактам. Поэтому в чеченском языке много заимствований: из грузинского – до 500 слов, из тюркских языков – до 700 слов. Немало заимствований также из арабского, персидского, осетинского, дагестанского языка и особенно – из русского.

В XVI веке происходило массовое переселение вайнахских племен на равнинные плодородные земли, которые были уже заселены казаками. Развивавшиеся торгово-экономические связи способствовали тесным контактам между русскими и вайнахскими племенами. В чеченском языке появляются заимствованные из русского языка термины: пунт (пуд), кийла (килограмм), ишкап (шкаф), чамда (чемодан), чейник (чайник) сухар (сухарь) и другие.

Иноязычная лексика тоже вошла в чеченский язык как бы «транзитом» через русский язык: такие английские слова, как - экспорт, митинг, парламент, немецкие слова - танец, кухня, мундштук, французские слова - авангард, мушкет, бульон, такси. Технический прогресс изменил даже фонетический строй чеченского языка. Ранее отсутствовавшие звуки: ф, ль, щ, рь – вошли в язык вместе с такими словами, как: фабрика, щетка, секретарь, учитель.

Чеченские слова, хотя и трудны в произношении, но красиво звучат. Вот наиболее легкие для чтения и дорогие каждому слова:

Даймохк – Родина (земля отцов)

Малх – солнце,

Машар – мир,

Безам – любовь,

Бепиг – хлеб,

Латта – земля

Хи – вода

Седа – звезда

Зезаг – цветок

Нана – мать,

Да – отец.
Показать полностью..
28 ноя 2012 в 13:59
Понравилось 5 людям
Мне нравится
5
к предыдущим записям